ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу бахархон алапа тIекхетта 10,6 процентана - Чеченстат


Нохчийчоьнан статистикан урхалло чIагIдарехь, Нохчийчурчу бахархойн юккъера алапа ду карарчу хенахь 25 863.4 сом (395$). Хаам барехь, 2017-чу шарахь хиллачуьнца дуьстича, иза алсамдаьлла 10,6%.

Хьалхо Къилбаседа Кавказан федералан гонехь бехачу бахархошна тIедогIу рицкъ, коьртачу декъана алапа, алсамдаьлла 2018-чу шарахь, аьлла дIахьединера Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула министро Чеботарев Сергейс.

Цо чIагIдарехь, Къилбаседа Кавказерчу субъекташкахь алапаш алсамдевлла 18%, шо хьалха хиллачуьнца дуьстича. Чеботаревс дийцарехь, цу регионерчу бахархойн алапа хIинца юккъерчу барамехь 26 эзар сом ду. Делахь а иза 1,5-зза лахара ду Оьрсийчохь юккъерчу барамехь долчул а, бохуш вара министр.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG