ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

38 шо чохь доккхуьйтур ду бакъонашларъярхочуьнга


Бакъонашларъярхо, адвокат Сотуде Насрин
Бакъонашларъярхо, адвокат Сотуде Насрин

Бакъонашларъярхочунна, адвокатна Сотуде Насрина дина таIзар: набахтехь даккха 38 шо а, 148-зза шад тохар а ду. Пачхьалкхерчу зударийн бакъонаш Iалашъеш, стаг вуьйш кхел кхайкхорна а дуьхьал къийсам латтабора цо.

2012-чу шарахь адамийн бакъонаш ларъярехь къахьегарна Сахаровн цIарах совгIат дира цунна. Сотуде системана дуьхьалболчаьрца бертаяхарна а, ГIажарийчоьнан лакхара лидер аьшнашварна а кхеле хIоттийна.

Насринан цIийндас дийцира, шена делла пхи шо токхучу бакъонашларъярхочунна кхи тIе а набахтехь даккха 10 шо кхайкхийна аьлла. Цо бахарехь, ворхIолгIа кхел ю хIара кхочушйийриг. Цунна тIедехкинчу бехкашца 38 шо хан яккха декхаре а ю иза, ишта 148-зза гIаж тохар а кхайкхийна цунна.

Amnesty International организацино "инзаре харцо" ю аьлла, Сотудеца лелорийг.

"Оха талламбарца, цхьа могIа дуьхьалдаьхна гIуллакхаш бахьана долуш, дукха бакъонашларъярхой бу набахтехь такха хенаш йиттина. ТIаьххьарчу шерашкахь тхуна девзинчу таIзаршлахь уггар а шогачех ду уьш. Iаламат ирча хьал ду хIара!", - аьлла Amnesty International организацин Гергарчу Малхбалехь а, Къилбаседа Африкехь а талламаш бечу директоро Лютер Филипа.

Стохка аьхка лецира Сотуде Насрин. Хьиджаб лелор тIедожийча, протест еш, коьртара йовлакхаш дIадаьхначу зударшна тIехIоьттинера иза хIетахь. Шпионажалла лелийна аьлла, пхи шо хан туьйхира цунна. Цул хьалха пачхьалкхна дуьхьал пропаганда лелийна аьлла, кхо шо чохь даккхийтира цуьнга. Ша Насрина бехк тIе ца лецира.

Дахначу шарахь Amnesty International организацино динчу зерашца, ГIажарийчохь хенаш кхайкхийна, набахтехь ву 110 сов бакъонашларъярхо.

ГIажарийчохь адамийн бакъонашкахула волчу ООН-ан белхахочо Рехьман Джавида дIахьедира, Сотудена кхайкхийначу керлачу таIзаро ша Iадийнера аьлла. Цо емалдира, дукха хан йоццуш кхелан системан урхаллехь Iеламча Раиси ИбрахIим къобалвича. 80-чу шерашкахь дукха нах байитарна бехке лору иза бакъонашларъярхоша

"Адамийн бакъонаш хьешна милла а жоьпе озо везаш ву пачхьалкхо. Бакъонашка диллича, цу тайпачу стага дIалаца хьакъ ма дац кхелан Iедалхочун дарж. И хаттар пачхьалкхца юкъахь дийца дезаш ду, ишта нах урхалле хIитторах жоьпалла а пачхьалкхо шена тIелаца дезаш ду", - аьлла Рехьман Джавида.

Материалан автор Цинцаев Сайхан, гочйинарг Димаева Лиза

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG