ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Низамехь къуй" низамца луьйцур бу Оьрсийчохь


Оьрсийчохь криминалан гонашкахь дош лела стаг санна вуьйцуш ву Шалинский Ахьмад (Домбаев Ахьмад).
Оьрсийчохь криминалан гонашкахь дош лела стаг санна вуьйцуш ву Шалинский Ахьмад (Домбаев Ахьмад).

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо хийцамаш бина пачхьалкхехь лелачу Криминалан кодексна тIехь, керла артикл тIе а тоьхна. Цуьнан чулацамца а догIуш, Оьрсийчохь таIзар дийр ду "зуламхойн иерархехь лаккхара меттиг даIалацарна". Цу нахана тухур ду 8-15 шо набахтехь даккха.

ТIеэцначу низамо зулам лору зуламхойн юкъараллийн кхеташонашкахь дакъалацар. Иза дохийначу нахана тоха аьтто хир бу 12-20 шо набахтехь даккха.

И хийцамаш бар дехнера Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Чиллан-баттахь. Цо буьйцурш бу "воры в законе" олу "криминалан инарлаш" зуламхойн гонашкахь дош лела нах. Церан дахарх лаьцна яздечу "Праймкрайм" интернет гIирсо дийцарехь, цу тайпа цIе лолош ву 430 гергга стаг. Царах 70 вехаш ву Оьрсийчохь. Царна юкъахь ву маситта нохчо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG