ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дашочу суьрта хьалха илли алар


Кадыров Рамзан а, Умаров Джамбулат а
Кадыров Рамзан а, Умаров Джамбулат а

Оьрсийн коьртачу "Царьград-ТВ-с" YouTube-каналерчу шен агIон тIехь "Грозный. Взгляд" цIарца хIора кIиранах программа йолийна. Цу чохь Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата проблемех а, тахана хIуьттучу хеттарех а дуьйцур ду. Хьалхарчу программан эфирехь министро ша дуьйцур ду аьллера лазамечух- нохчийн, оьрсийн юкъаметтигех. Уьш чолхе ю, шина а агIор: цакхетамаш, цабезамаш, лазамаш.

Шина къоман юкъаметтигаш кхолайо уггар коьртачу шина эпизодо - 1944-чу шарахь нохчий махках бахаро а, Нохчийчохь хиллачу тIемаша а. И ший а тема йийцареяр Iаламат ладаме ду, амма царех дийцар дихкина ду аьлла тешна ву юкъаралхо Кутаев Руслан. Къам махках даьккхина де дагалоцуш конференци хIоттийна аьлла, набахте хьажийра иза.

ТIамо йитинчу хьу́нах дуьйцучу заманчохь кхачаме лору, чим бинчуьра республика гIаттарх а, Кадыров Ахьмада къам хьалхадаккхарх а, цуьнан кIанта, Кадыров Рамзана тешамца, бакъонца Путин Владимирна гIуллакх дарх далхийчхьана.

Нохчийн историн халачу агIонех министро дага ца лецира. Амма елира цо ладогIархошна оьрсийн империца хиллачу тIамех дакъошкахь информаци. Дагаяийтира Дади-Юьртан трагеди, нохчийн зударийн турпалаллех а дуьйцуш.

Оьрсийн эскархоша шайца шаьш дIадига дагахь, хикеманш тIехь Теркал дехьа дохучу хенахь, зудабераша тIе а бетталуш, шайца хичу баьхьна, хIаллакбина хиллера уьш. Нохчийн зударийн турпалаллех лаьцна цхьа истори ю хIара.

Шен эмоцин къамелехь дийцина а ца волура Умаров Джамбулат тахана кхиина йогIучу Нохчийчоьнах. Дуьйцура цо, пенах кхозучу, дашон гонехь диллинчу суьрта тIера леррина шега схьахьоьжучу Кадыров Рамзанна хьалха.

Умаров Джамбулат, зорбан министр
Умаров Джамбулат, зорбан министр

Цкъачунна кехат тIехь бен йоцу, йина ялаза Ахмат-Тауэр бIав- "Нохчийчоьнан Республика а, Оьрсийчоь а юхаденъяларан" символ ю элира цо. Ткъа маца йоьжнера Оьрсийчоь, Умаровс къаста ца дира.

Министрна гергахь, Оьрсийчохь болу нохчий муьлш бу-те? Оьрсийн "жимахболу вежарий" бу уьш, (оьрси – "воккхахволу ваша"). Оцу жимахволчу вешин вон амал ю, наггахь "хьан куьйгах цергаш юхку цо, цIий даллалц лета иза хьох, харцхьалела, цуьнан карахь Iад ду".

"Хьо иза вен гIурту, амма оьшуш дац, кхана веана хьо кIелхьарвоккхур ву цо. Хьоьгара тахана оьшург - собар ду. Цуьнан харц амал а ловш, хьо собаре хилахь, кхана-лама оцу хьан жимчу вешех тIемало хир ву. Хьан дозанаш лардан хIуттур ву иза тIаккха. Цуьнан цIе яккхар, цуьнан буьрса ламанхочун хьажар тоаме хир ду, хьан мостагIий кхерабевлла, бовдийта".

Министро зевне къамел дечу заманчохь, цо "буьрса хьажарх" олучу юкъанна, камера тIеерзайо пенах кхозучу Кадыров Рамзанан суьртана. Хьаькамо вуьйцург мила ву-те аьлла, цхьаннан а шеконаш ца хилийта.

Кхи дIа йолчу дискуссехь, Умаровс чIагIдо, масала, яхначу заманчохь нохчо - ахархо хилла бохуш. Дуьххьара металлурги Нохчийчохь кхоллаелла ю боху цо, цхьана гобоьвллачу Iилманчийн гипотезаца.

Кхеташ дац, оьрсийн, нохчийн юкъаметтигашкахь йолчу проблемех дискусси хьочу хенахь, стенна оьшу Умаровн нохчо-къинхьегамхочух хьесапаш дар. Иштта кхеташ дац, хьанна лерина ду министран шуьйра, деза, зевне къамелаш.

Тема Iаламат чIогIа оьшуш ю, бакъдерг аьлча, ткъа кхи хьан айдийр ду къаьмнийн юкъаметтигех хеттарш, ша къоман политикан министро ца дийцахь.

Умаровна, масала, хаа дезара, нохчийн кегийрхойн доккхачу декъанна Оьрсийчоь генара, шайна хира хеташ хилар.

Нагахь цу кепара проблемаш ерзо лаахь Нохчийчоьнан урхаллана, я уьш тахана юкъахь лаьтташ хилар цара бакъдеш делахь, пафос а, штампаш а дIа а яьхна, даггара, ма-дарра дийцарш дIадахьа охьаховша безара уьш.

Материалан автор "Кавказ.Реалиин" корреспондент Нерозникова Екатерина, гочйинарг Димаева Лиза

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG