ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цхьааллин Оьрсийчоьнан" депутато дIахьедина шена оьрсий ца беза - Навальный


Навальный Алексейн Twitter-чу агIонан cкриншот.
Навальный Алексейн Twitter-чу агIонан cкриншот.

"Цхьааллин Оьрсийчоь" партин декъашхочо Ханбиев Мохьмада шена оьрсий ца беза боху аьлла, латкъам бина оппозицин хьалханчех цхьаъ волчу Навальный Алексейс цу партин куьйгалхошка.

Шен Twitter-чу агIонехь Навальныйс видеохаам дIахIоттийна Ханбиевс динчу дIахьедарх лаьцна. Хьалхо шен Instagram-чу агIонехь Ичкерин тIеман министр хиллачу Ханбиев Мохьмада видео арахийцира, ша хьалха санна Ичкерийн агIонча хиларх лаьцна дуьйцуш.

Ханбиевс аьлларг иштта ду: "Сан къоман паччахь нохчо ву. Со гIазакхийчуьнца цкъаллига цкъа къамел деш а вац. Со гIазакхашка вистхуьлуш а вац. Со цхьаллига цхьана гIазакхийчунна тIевахана а вац. Цхьана а гIазакхийн инарлица а, эпсарца а сан къамел хилла а дац. Суна уьш беза а ца беза тахана а. Со Ичкерин кIант ву шуна".

Ткъа хIинца Навальныйс видео арахецна шен Твиттерерчу агIонехь "Цхьааллин Оьрсийчоьнан" депутато дIахьедар дина, шена оьрсий ца беза, цаьрцга вистхуьлуш а вац ша аьлла" цIе а йолуш.

Цу сюжетехь дуьйцу Ханбиев Мохьмад "Цхьааллин Оьрсийчоьнан" фракцин декъашхо ву, цундела а луур дара хIун ду цу хьокъехь цу партин куьйгалхошна – инарлин кхеташонан секретарна Турчак Андрейна а, гIантдена Медведев Дмитрийна а, цу партин лидерна Путин Владимирна - а хетарг, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG