ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керлачу Зеландехь терроран тIелатар дарна бехк кховдина цхьана стаге


Керлачу Зеландин ​Крайстчерч гIалара маьждиг.
Керлачу Зеландин ​Крайстчерч гIалара маьждиг.

Полицино бехк кховдийна Керлачу Зеландин ​Крайстчерч гIалахь шина маьждигана терроран тIелатар диначерах цхьанга, хаам бина цу мехкан полицин куьйгалхочо Буш Майка. Цуьнан вистхилар гайтина ВВС-но. Терроран тIелатар дина Зазадоккху-беттан 15-чохь делкъан ламаз динчул тIаьхьа. Шина маьждигехь вийна 49 стаг, иттаннаш чевнаш йина бу.

Делкъхенахь герзаца хиллачу наха, шина маьжиган неIарш а къевлина, герзаш диттина царна чуьрчу нахана. Цхьана маьждиган чохь кхелхина 41 стаг. ШолгIачунна чохь вийна 7. Кхин цхьаъ велла тIаьхьо госпиталехь.

Крайстчёрчан урамашкахь карийна маситта куьйга йина бомба. Уьш чуехкина хилла некъайистошкахь лаьттачу машенашна.

Терроран тIелатар дарна лаьцна ву цхьа стаг. Шотдийнахь иза кхелана хьалха хIуттур ву. Цуьнга бехк кховдийна адамаш дайарна. Кхин а кхо стаг лаьцна, бакъо а йоцуш герз лелорна. Тетторан тIелатарна уьш юкъахь бу-бац кIастош ю полици.

Iедалша дIахьедар дина хилла тIелатар терроран акт ю аьлла. Болчу хаамца, тIелатар динчерах цхьаммо – Австралин махкахочо - мигранташна дуьхаьл манифест зорбане яьккхина хилла ша иза дале, 74 агIонах лаьтташ йолу. Цуьнан цIе ю Таррант Брентон. Цо ша зулам деш йоккхуш йолу видео оццу хенахь гойтуш хилла эфирехь.

Керлачу Зеландин ​премьер-министро Ардерн Джасиндас аьлла, динарг "мехкан исторехь уггаре Iаьржачу денойх цхьаъ ду" аьлла.

Терроран акт йинчу Тарранта дIахьедар дина, тIелатар дан ша иракарахӀоттийнарг вара 2015-чу шарахь Къилба Королинехь килсана тIелатар дина Iамеркахо Руф Дилан а, 2011-чу шарахь дуккха а адамаш дайина Брейвик Андерс а аьлла.

Экстремисто хаам бина, Норвегехь набахтехь хан токхучу Брейвикца даима а зIенехь вара ша аьлла. ТIелатар дале Тарранта хаам бина хилла ша дан воллучух лаьцна Reddit цIе йолчу форумехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG