ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Иракъера сайн йоьIан бераш цIа дахкале бохуш, ма - хуьллу кечамаш беш ю со".


Иракъехь тIемаш бинчу таджикийн тIемалойн берийн доккхахдолу дакъа карара бутт чекхбалале даймахка дIахьовсор долуш ду. Цкъачунна БагIдадан набахтешкахь латтош ю Таджикистанера 40 зуда. 92 бер ду цаьрца.

Лецна латточу зударша бакъо елла Кувейтерчу а, Иракъерчу а Таджикистанан векалташна, шайн 75 бер даймахка дIадигийта. Дисина 17 бер дакхош ду, цундела царех дIакъаста дуьхьал хилла наной.

"Ма хуьллу кечамаш беш ю со, бераш цIа дахкале бохуш"

Рудаки кIоштара яхархо Усмонова Гулчехра ма-хуьллу кечамаш беш ю, шен йоьIан бераш Иракъера цIа дахкале бохуш. Шина шарера 8 шаре кхаччалц хенаш ду даймахка цIадалочу берийн: Умаралин а, Фотиман а, Гулсунан а. Кхуьнан цхьаъ бен йоцчу йоьIан Ганджинан бераш ду уьш.

32 шо долчу шен цIийндеца, Баходуров Хуршедца дIаяхара иза Иракъе, шаьшиннан доьзалхо а вуьгуш. ХIетахь "Исламан пачхьалкх" шех олчу тобанхойн карахь хиллачу Иракъан дозан тIехь дуьненчу даьлла Ганджинан важа ши бер.

2017-чу шарахь, Мосул мукъайоккхучу заманчохь, ​курдойн гIаттамхойн каравахара Баходуров Хуршед. Цуьнан гергарчарна тIаьххьара гина иза, социалан машанашкахь яржийначу видео тIехь болчу йийсархошлахь. ТIаьхьо Би-би-си-н материал тIехь хаамбира, лецна мел хилла тIемалой байина аьлла.

БагIдадерчу цхьахйолчу набахтехь ю хIинца Ганджина, шена дендолчу таIзаре ла а доьгIуш.

"Байначу беттан 2-чохь телефонехула зIене елира соьца сан йоI. Шен бераш цIа дахкийта дагахь ю ша бахара. Догрезахилла тIелоцур ду элира ас. ХIинца уьш цIа бахкаре хьоьжуш, кечамаш беш ду тхо", - аьлла Усмонова Гулчехрас. Цо дийцарехь, цIийндас Iехийна йигина хилла кхуьнан йоI Иракъе.

"Карара доьзалхо ненаца вуьсур ву"

Дукхахболчу таджикийн зударийн дов хаьттина даьлла, 20-20 шераш токхур ду царех цхьаболчара, белла дIабовллалц хенаш кхайкхийна вукхарна. Делахь а, тарло хенан йохалла Иракъан Iедалхоша царна амнисти а кхайкхийна, уьш даймахка дIабахийта а.

Таджикистане, шайн гергарчу нахана тIе юха бахка таро ма хилира, гIуда текхначул тIаьхьа, церан берийн а. Бакъо йоцуш кхечу пачхьалкхан доза хадорна аьлла, Иракъо тIедожийна хIора берах Iамеркан 500 доллар гIуда токхур ду Таджикистанан Iедалхоша.

Берриш а бохург санна, Иракъехь таIзаре хIиттийна зударий "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошкахь марехь хилла бу. Шайн мехкан дозанаш хедорна бехкебо уьш. ДаIишхочун хIусамнана хилар - Иракъехь уггар а доккхачух зулам лоруш ду. ХIораннан а 3-5 бер ду церан.

Иракъехь чуйоьллинчу таджикхочун Ходжаева Зухрон нанас, Камолова Сабзагула элира, шен йоьIан пхеа берех диъ цIа далош ду аьлла. "Сан дахарехь хиллачух уггар а хаза кхаъ бара суна, йоьIан бераш цIа хьовсош ду алар. Телефонехула йистхуьлучу заманчохь, йоIа ша реза ю элира диъ бер цIа хьажон, амма жимахверг шеца вуьту ша бохура, вакхош хиларна", - дийцина Камолова Сабзагула.

Жимахдолу цуьнан йоьIан ши бер даIишхоша халифат кхайкхийначу территори тIехь гучудаьлла ду. Iаламат хала дара Таджикистанан Iедалхошна, цу берашна керла кехаташ вовшахтоха.

"Бутт бале цIадалор ду дукхахдолу бераш"

Кувейтехь а, Иракъехь а Таджикистанан векал волчу Зубайдзода Зубайдуллос Озоди Радиоца хиллачу къамелехь элира, даймахка цIа дерзо билгалдаьхначу массо а берийн кехаташ кийча ду аьлла.

"Зазадоккху-бутт чекхбалале Iалашо ю тхан мел а дуккха а бераш Таджикистане юхадерзо", - аьлла дипломато.

2014-2015-чу а шерашкахь Таджикистанера 2 эзар гергга вахархо дIакхийтира Шемарчу а, Иракъерчу а "Исламан пачхьалкх" шайх олучу тобанхойн могIарех.

2017-чу шеран чакхенехь хIаллакбира даIишхой Иракъехь. Карарчу хенахь, Шемара цхьа эвла ю тобанхойн карахь.

Шемарчу агIонан зерашца, "Исламан пачхьалкхан" карара баьхна Иракъехь хIинца а 100 гергга таджикийн зуда а, бераш а ду.

Таджикистанан Радио Озодин сайтера схьаэцна материал

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG