Азербайджанан президенто Алиев ИлхIама, геч а дина, набахтера аравалийта 400 гергга тутмакх. Царна юкъахь ву оппозицин боламан маситта жигархо, ша аьлча "Халкъан фронт" къоман-демократин партин хьлханчех волу Байрамлы Гезел а, Гахраманлы Фауд а, ткъа иштта "Нида" кегийрхойн юкъараллан 2 жигархо а.
Уьш дIахецийта гIерташ яра дуьненаюкъара адамийн бакъонаш ларйон вовшахтохараллаш. Набахтера маьршаваьккхина экономикца доьзна зуламаш дирна а, наркотиакаш латторна а, Iедалшна дуьхьал тийсаваларна а чувоьллина Азербайджанан хилла могашаллан министр.
Цул сов, Алиевн пурбанца, валлалц чувоьллинчу кхаа стагана и таIзар хийцина набахтехь даккха 20-25 шераш а кхайкхош.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!