ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адамаш дайарна бехк кховдийна Крайстчёрчехь терроран тIелатар динчунна


Терроран тIелатар дина Таррант кхелехь. Крайстчерч, 16Заз2019
Терроран тIелатар дина Таррант кхелехь. Крайстчерч, 16Заз2019

Керлачу Зеландера Крайстчёрч гIаларчу шина маьждигехь 50 стаг вийна зуламхо кхелана хьалха хIоттийна шотдийнахь. 28 шо долу Австралин махкахочунна Таррант Брентонна ха деш вара герзаца волу ши полисхо.

Кхелехь цуьнга адамаш дайарна бехк кховдийра. "Iамеркан аз" портало бинчу хаамца, полицино лаьцна ву цуьнца зулам деш дакъалоцуш хиларна шеко йолу кхин а 2 стаг.

Шотдийнахь зорбанан-конференцехь Керлачу Зеландин премьер-министро Ардерн Джасиндас дIахьедар дира, Таррант сацийра герз деттачура полицино аьлла. "Иза кхин а дIадахьа дагахь хиллера тIелатар", - элира цо.

Крайстчёрчерчу маьждигашкахь адамаш дайар "гина доцу адамашна ницкъбар ду", - бохуш яра премьер-министр. Ардерна дIахьедар дира, меттигерчу низамшана тIехь герз лелорца боьзна хийцамаш бан безаш хиларх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG