ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь 5 стаг верна Интерполо лоьху стаг лаьцна Украинехь


Украина -- Харковера полици, 2018 шо. Гайтаман сурт.
Украина -- Харковера полици, 2018 шо. Гайтаман сурт.

Дуьненаюкъарчу лехамехь волу Оьрсийчоьнан вахархо лаьцна Украинерчу Харькован кIоштахь, хаам бо "Дождь" телеканало. Болчу хаамца, иза Оьрсийчоьнан Iедалша бехке веш ву Нохчийчохь 5 стаг верна а, бакъо йоцуш герз лелорна а.

Украинин къоман полицино бинчу хаамца, 32 шо долу и стаг зуламхойн тобанан декъашхо хилла. Цунна бехке дуьллуш ду 2008-чу шарахь Нохчийчуьрчу Первомайская станицехь адамаш дайар.

И зулам даран бахьана хилла кхечу къаьмнех болу нах цабезар. Нагахь аьтто балахь Оьрсийчуьрчу Iедалша и стаг чуволла мегаш ву, валлалц хан а тоьхна, яздо "Дождь" канало.

Украинехь лаьцнарг Интерполехула лехаме велла хилла кхушара Чиллан-беттан 20-чохь. Цу мехкан полицино бинчу хаамца, иза лаьцна талламан изоляторе хьажийна 40 денна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG