ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Астероид ю Лаьттана улле йогIуш


Астероид. Гайтаман сурт.
Астероид. Гайтаман сурт.

EA2 цIе йолу йоккха астероид уллехула ера ю Лаьттана 300-304 эзар километар гергахь, хаам бо ТАСС. И юкъ йоца ю Лаьттана а, Баттана а юкъахь йолчул а. Цунах лаьцна хаам бина Iамеркерчу NASA-ан стигалара дакъош толлучу центро (Пасадена, Калифорния штат).

Цу центран сайтана тIехь билгалдоккхуш ду астероид 18-40 метр шуьйра хилар. Латтана тIейогIучу цуьнан чехкалла ю 5 километр секундехь. Вайн планетана улле йогIур ю астероид кху беттан 22-чу дийнахь 8 сахьт 53 минот яьлча. Дагадоуьйту Лаьттана а, Беттана а юкъахь 384 эзар километр юкъ хилар.

Чиллан-беттахь Лаьттана уллехула елира 2 астерод. Хьалхара яра Чиллан-беттан 11-чу дийнахь 118 эзар километр уллехула яьлла 2019CN5, ткъа шолгIа яра 2019CS5. Иза Лаьттана 400 эзар километр герга еара Чиллан-беттан 15-чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG