Цхьана баттахь -- Чиллан-беттан 16-чохь дуьйна Зазадоккху-беттан 15-чу дийне кхаччалц -- 23 машенаш ечу компанино Оьрсийчохь хийцина шайн моделийн мехаш. Цунах лаьцна хаам бо «Цена Авто» сайтан аналитикаш.
Царах дукхачара тIетоьхна шаьш Оьрсийчохь юхкучу машенийн мехаш. Уггар алсам мах хьалабаьккхина шен цхьайолчу моделашна Audi-но (А4, А4 Avant, А5, А5 Sportback) – 180 - 217 эзар сом.
Уггар лахара мах тIетоьхнарг ю Renault – 14 эзар сом.