Нохчийчуьрчу вахархочо 15 эзар сом лачкъйна Камчаткерчу яхархочуьнан картана тIера, хаам бо Kam24 сайто. Цу зудчо дийцарехь, цуьнга банкера ву ша аьлла телафон тоьхна хилла цхьана стага, картан реквизиташ а хоттуш.
Зудчо уьш дIаелла. Цул тIаьхьа цу тIера дIадаьлла 15 эзар сом. Телефонан номер хилла Нохчийчуьра.
Хилларг бахьана долуш, таллам дIахьош ю Оьрсийчоьнан талламан комитетан Камчаткехула йолу урхалла. Бехктакхаман гIуллакх долийна бозбунчалла лелийна аьлла.