ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан пачхьалкхаша катоххий маьршаваккха аьлла Титиев


Бакъонашларъярхо Титиев Аюб

Оршотдийнахь кхелахоша диъ шо хан кхайкхийна Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхо Титиев Аюб "билламза маьршаваккха катоххий" аьлла, тIедожийна Евроберто. Цунна кхел яр доьзна ду, цо бинчу бакъонашларъяран белхаца, нийса кхел дIаяхьа цуьнан хилла бакъо а ца ларйина аьлла, билгалдаьккхина Европан пачхьалкхаша.

Иштта карладоккху цара, 2009-чу шарахь Титиевл а хьалха "Мемориалан" куьйгаллехь лаьттина Эстемирова Наталья йийнарш а бехке озоза хилар. Европан Кхеташонан адамийн бакъонашкахула йолчу комиссин куьйгалхо Миятович Дуня саготта ю, Титиевна хан кхайкхорна. Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашъеш цахиларан а, оцу махкахь "мостагIалле а, кхераме а хьал хиларан" рогIера масал ду иза аьлла цо.

Юха а кхайкхамбо Миятовича Оьрсийчоьне дуьненаюкъара декхарш кхочушде аьлла, ишта терго латтае боху цо, кхелан системех пайда а оьцуш, бакъонашларъярхошна тIаьхьадевлла леларна а. Титиевн гIуллакх бахьана долуш, юха а Оьрсийчоьнан Инарла прокуроре Чайка Юрийга дехар дан дагахь ю ша аьлла Миятовича, хьалха дахьийтина дIахьедар цо шен жоп доцуш дитинехь а.

Шеларчу кхело оршотдийнахь набахтехь даккха 4 шо туьйхира бакъонашларъярхочунна Титиев Аюбна. Наркотикаш лелош хилла иза аьлла, бехкевинера иза. Шена наркотикаш кхийсина яра, ткъа дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх политикан бух болуш ду аьлла, дIахьедира Титиевс а, цуьнан белхан накъосташа а.

XS
SM
MD
LG