ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиев маьршаваккха аьлла, пикет дIаяьхьна жигархой лецна полисхоша Петарбухахь


Санкт-Петербургерчу Неван проспектехь нохчийн бакъонашларъярхо Титиев Аюб лаьцначуьра дIахецар тIедожош, пикет дIахьон "Солидарность", "Бессрочный протест" цIе йолчу боламийн жигархой лецна полисхоша. "Радио Свобода" оьрсийн сервисан корреспонденто бина и хаам.

Бакъонашларъярхочунна тIехIуттуш пикет дIаяьхьначул а тIаьхьа, ГIирмин гIезалошкахьа акци хIотто а дагахь хиллера жигархой. Пхи шо хьалха лачкъийна а вигина, вийна Ахметов Решат дага а воуьйтуш, ишта набахтехь латточу ГIирмерчу гIезалочун-жигархочун Бекиров Эдеман кхолламах карладаккха Iалашо яра церан. Карара плакаташ дIа а дохуш, пикетан декъахой дIалецнера полисхоша, цхьаммо арз дина шайга аьлла.

Мумджи Асан а, Григорьева Елена а, Самойлов Роман а, Смирнова Ольга а, Кен Марина а, Ткаченко Илья а, Мусина Евгения а, Негодин Дмитрий а лоьмар 78 йолчу полисхойн декъе дIабигинера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG