ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СадаIа Шема а, Ливане а эха мегар ду Оьрсийчоьнан бахархой аьлла депутато


Депутат Милонов Виталий
Депутат Милонов Виталий

Оьрсийчоьнан бахархошна Шемахь а, Ливанехь а садаIар хьехна пачхьалкхан Думан депутато Милонов Виталийс, оцу мехкашкахь зударшца лараме хиларна. Туркойчоьнан а, Мисаран а, кхи а цхьа могIа пачхьалкхашкахь а божарша зударийн амал дайарца доьзна бина хаамаш бахьанехь дина Милоновс цу кепара дIахьедар, яздо "Федералан хаамийн агенталло".

"Култура а, зударшка болу ларам кхи а лакхарчу тIегIанехь болу пачхьалкхаш а ю. Масала, Ливане садаIа эха деза Шема а ваха мегар ду. Цигахь цхьаммо хьох пIелг Iуттур бац, эвхьаза вала гIерташ зудчун коча а оьхур вац", - дIахьедина депутато.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG