ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь тIемаш бинчу оьрсийн эскархочунна компенсаци ца елла


Пермск кIоштарчу кхело дуьхьало йина Шемахь тIемаш бинчу Волосков Алексейна компенсаци дала, цигахь эскаран гIуллакх дечу заманчохь инфекцин лазар хьакхадаларна. Волосковс а, цуьнан нанас а тIеман министраллана 500 эзар сом ахча тIедожийнера.

Иск тIехь цара билгалдаккхарца, 2015-чу шеран Гезгамашин-баттера ГIуран-батте кхаччалц кхо бутт баьккхина хиллера Волосковс Шемахь, ткъа 2016-чу шеран бIаьста кхераме инфекцин лазар гучудаьллера цуьнца. Нанас чIагIдарца, 70 эзар сом ахча доьхкина цо, цунна дарба деш. Цул совнах, шен кIантана са гатдеш, бала а хьегна хилла.

Ша эскархочо дийцарехь, Шемахь ког лазийначу цунна, мехий диттинера, лазарш лахдеш. Иза тешна ву, шех хIетахь инфекци кхетта аьлла.

ТIеман министраллехь дIахьедина, эскархочунна Шемахь бIаьхочун декхарш кхочушдечу заманчохь цамгар хьакхаелла аьлла, тоьшаллаш хуьлийла дац аьлла. Ишта, урхаллехь чIагIдарехь, Волосков дуьхьал хилла инфекци яржаран бахьанаш а, иза кхетта хан а билгалъяккха гIоьртинчу тIеман-лоьрийн комиссина.

Цуьнан нанас бала хьегарх кехаташца тIечIагIдина а дац аьлла тIеман министраллехь. Оцу бахьанашца кхело тIе ца дитина Волосков Алексейна 500 эзар сом компенсаци яла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG