ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу даIишхойн тIаьххьара чIагIо схьаяьккхина


Шеман малхбалера Багхуз цIе йолу меттиг схьаяьккхина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн гIоьнца Шемарчу оппозицино. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхоша дIалаьцначух тIаьххьара чIагIо яра иза. БIеннашкахь тIемалой карабахна. Шемарчу демократин ницкъийн пресс-секретаро Бали Мустафас дийцарехь, Багхузера даIишхойн куп схьаяккхар йоккха гIулч ю, амма толам баьккхина ала хIинца а хьалхе ду.

Евфрат олучу хинан йистера жима аса бен яц "Исламан пачхьалкхан" долахь йисинарг. Цул совнах, даIишхойх мукъаяьхначу территореш тIехь дIатийна Iаш церан кегий тобанаш ю, цаьргара кхерам хила тарло тIейогIучу хенахь.

Бали Мустафас дIахьедарца, йийсаре лаьцначарлахь бу, Дечкен-баттахь Шеман къилбехьа 16 стаг а вуьйш динчу терактна бехке хетарш а.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG