ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтешкахь тутмакхашца кIеда хилар тIедожош ду ФСИН-ан белхахошна


ТаIзарш кхочушдаран федералан урхалло (ФСИН) шен белхахой декхаребийр бу тутмакхашца кIеда хила а, нагахь бакъонна дуьхьалара дарш нислахь а, цаьрга шайна гечдар а доьхуьйтуш. "Интерфакс" агенталло бина и хаам, ФСИН-ан этикан Кодексехь бинчу хийцамашна тIе а тевжина.

Ишта документ тIехь хаамбо, ФСИН-ан белхахой гIиллакхе, оьзда хила безар бахархошца а, даржехь болчу нахца а. "Нагахь ФСИН-ан белхахочо бакъо, маршо хьаьшна меттиг нислахь, цунна тIедожор ду шен лаамехь, йа кхелан сацамца, тутмакх шена къинтIера ваккха", - ду яздина юкъадаьккхинчу низамна тIехь.

Дахначу шарахь таIзарш кхочушдаран федералан урхалла бехкейира, набахтешкахь тутмакхашна тIехь ницкъбар бахьана долуш лилхинчу масех скандалашна. Леринчу тидаме эцнера Ярославан кIоштара лоьмар 1 йолу колони.

Кху аьхка "Новая газетано" видео зорбане яьккхинера, ФСИН-ан белхахоша тутмакхна етташ. Цул тIаьхьа Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх диллира шайн бакъонел а тIехбевллачу колонин белхахошна дуьхьал.

Бакъонашларъярхоша латкъамаш бира кхечу набахтешкахь а тутмакхашна тIехь Iазапаш латтош хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG