Ирсечу пачхьалкхийн ООН-о хIоттийначу рейтингехь хьалхарчу могIарехь ю Финлянди. Кхааридийнахь Дуьненаюкъарчу ирсан денна лерина Iораяьккхинчу рапортехь 7, 63 балл хIоттийна оцу пачхьалкхна.
ШолгIачу меттигехь дIатаръелла Норвеги, цунна тIаьхьа Дани, Исланди, Швейцари ю. 59-чу меттигехь, Перуна а, Казахстанна а юккъехь дIатаръелла Оьрсийчоь. Ирсечу мехкийн тептаран тIаьхьарчу могIаре яьккхина ишта Бурунди (156-гIа меттиг).
Талламаш бечу заманчохь эксперташа тидаме эцна хилла оцу пачхьалкхехь дахаран дохалла а, комаьршалла а, социалан гIо а, ишта маршо а, коррупци а.