ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Астанах Нурсултан алар хьехна керлачу президенто


Казахстанан коьртачу шахьаран цIе Нурсултан аьлла, хьалхарчу президентан цIарах хийцар хьехна, президентан декхарш кхочушдан хьалхаттетинчу Токаев Касым-Жомарта.

"Казахстанан Республикан дуьххьара хиллачу президентан Назарбаев Нурсултанан цIе дагахь йисийтархьама, коьрта Астана шахьар хийца еза вай Нурсултан аьлла", - дIахьедина Токаевс. Маршо Радион казахийн сервисо хаамбарехь, президентан декхарш кхочушдийр ду Токаевс 2020-гIа шо тIекхаччалц. Цул тIаьхьа хинболчу президентан харжамашкахь дакъалоцур ду масех кандидато. Хир бу царлхаь Назарбаев Нурсултанан йоI Дарига а, нуц а, кIант а.

Кху шарахь 79 шо дуьзи Назарбаевн. 1979-чу шарахь, Советан пачхьалкх йохале Iедале веана ву иза. 1990-чу шарахь дуьххьара президент хаьржира иза, цул тIаьхьа масийттазза толам баьккхира цо рогIерчу харжамашкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG