ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эзарнашкахь Мозамбикерчу нахана зенаш хилла токхамаш бахьана долуш


Мозамбикехь циклон бахьана долуш хIаллакхила тарлора эзар сов стаг. Паччхьалкхан президенто Ньюси Филипеса дина ишта дIахьедар. Дахначу кIиранах кхаьчна Идай циклон Африкан къилба-малхбале. Саццаза оьхучу догIанаша токхамаш хилийтира регионехь. ЦIечу жIарано хаамбарехь, Бейра порт, йоккхахйолу Мозамбика гIала а 90 процентна йоьхна.

Дуккхаъчу ярташкахь адамаш дисина арахьарчу дуьненах хаьдда, ярташна тIе хи а даьлла. ТховкIело йоцуш бисина иттанашкахь эзарнаш нах. Луларчу Малавехь а, Зимбабвехь а Iаламан ницкъ бахьанехь велла 200 стаг. БIеннашкахь тIепаза байна.

Синоптикаша дIахьедарехь, догIанаш лаьттар ду регионехь гергарчу деношкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG