ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу хьаькаминй могIарш цIиндан Iалашо ю Евкуровн


Хьаькамийн могIарш карладаха лаам хиларх дIахаийтина парламенте хIора шарахь ша бечу кхайкхамехь гIалгIайн куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Оцу некъаша жигара къийсам латтор бу коррупцица аьллачу куьйгалхочун дешнаш далийна REGNUM агенталло.

"Пачхьалкхан урхаллашка балха оьцу нах лаккхара Iилма а, хаарш долуш, кхечу интересашца боьзна а боцуш нах хила беза. Аьлча а, пачхьалкхан белхахойн хьаькамийн могIанаш цIиндан деза", - дIахьедина Евкуровс.

Иштта цо хаамбина, кху шарахь регионехь кегийрхошлахь "Движение вверх" аьлла, конкурс дIахьуриг хиларх, белхахой къастош.

Коррупцех дерг хьахош, Евкуровс бахарехь, тIаьххьарчу 4 шерачохь республикехь 275 бехктакхаман гIуллакх диллина коррупци лелийначу нахана дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG