ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Казахстанан парламенто тIечIагIдина Астанах Нурсултан алар


Астана
Астана

Астанах Нурсултан гIала ян таро луш Конституцехь хийцамаш байта тIетайна кхааридийнахь Казахстанан парламент. Информацин агеталлаша бина и хаам. Президенто куьйгъяздичхьана кийча ду документ.

Шинаридийнахь Казахстанан президенто дIакхайкхийра, ша пачхьалкхан урхалхочун декхарш охьадахкарх. Цуьнан метта ханна президент хIоьттина Сенатан куьйгалхо Токаев Касым-Жомарт. Цуьнан инициатива яра Астанан цIе Нурсултан аьлла, хийцар.

Казахстанан коьрта шахьарх Нурсултан ала а догIу, Назарбаев "цхьаъ бен воцу, велла дIаваллалц къоман лидер вуьсур ву" аьлла, дIахьедира Косумовс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG