ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIелатар дина аьлла, да а, кIант а лаьцна Тбилисехь


Тбилисерчу микрофинансийн организацин офисна тIелатар дина аьлла, ши стаг дIалаьцна Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахоша. "Новости-Грузия" хьостано бина и хаам. Пекинан урамерчу Giro Credit компанин декъе туьтмIаьжгаш йоьхкина нах чулилхинера. Царех цхьаъ герз детта волавеллера. Бехке ву аьлла, полисхоша дIалаьцна 54 шо долу да а, цуьнан 30 шаре ваьлла воI а. Яхначу хенахь кеп-кепарчу зуламашна кхел йина ву и шиъ.

Талламчаша дийцарехь, ахча дIадахьа аьтто а ца хилла церан, полисхой тIекхачале вада дезарна. ТIелатар дина масех сахьт даьллачул тIаьхьа полисхоша лаьцна къолахой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG