ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Назарбаев "дIавахана"


Назарбаев Нурсултан Казахстанан парламентехь, Астана, Заза. 20, 2019
Назарбаев Нурсултан Казахстанан парламентехь, Астана, Заза. 20, 2019

Назарбаевна лур ю сий долчу сенаторан статус.

Цхьана ханна Казахстанан президентан декхарш кхочуш дечу Токаев Касым-Жомарта чIагIо йина мехкан Конституцина тIехь. И церемони хилла кхаарин дийнахь, Зазадоккху-беттан 20-чохь, казахийн парламентан шина а чоьнан цхьаьна хиллачу кхеташонехь.

Казахстанан коьртачу харжамийн комиссин гIантдас Имашев Берика президентан документ а, орден а, байракх а елира керлачу мехкан куьйгалхочунна. Токаев цу даржехь хир ву 2020-чу шеран Охан-батте кхаччалц, хаьржинчу президенто (Назарбаевс) цу даржехь йоккху хан чекхъяллалц. Цуьнца цхьаьна, Назарбаевн йоккхаха йолу йоI, Дарига, хаьржина парламентан спикеран дарже.

Шинарин дийнахь Казахстанан президенто Назарбаев Нурсултана, оццу хенахь эфирехь гойту телевизионехула къамел деш дIахьедар дира, пачхьалкхан куьйгалхочуьнан дарж дитина ша, аьлла. Цо ишштта хаам бира Казахстанан президентан декхарш цхьана ханна кхочуш дийр ду Сенатан гIантдас Токаев Касым-Жомарта аьлла.

Назарбаевс дийцарехь, Токаев ву, махкана урхалла дар тешна дита мегар долу стаг. Токаевс хIинцале а дIахьедар дина, Казахстанан коьртачу гIалан Астанан цIе Нурсултан хила еза аьлла, хаам бо ТАСС агенталло.

Назарбаевна лур ю сий долчу сенаторан статус. Токаевс дийцарехь, Назарбаев вуьсуш ву накъост воцу валлалц хир волу къоман хьалханча. Цунна хетарг коьрта хир ду махкахь стратегин чулацам болу сацамаш беш, тIетуьйхира цо. Токаевс хьахийра Назарбаевн сий деш хIоллам богIа беза аьлла.

Кху шарахь 79 шо кхаьчна Назарбаев Казахстанан куьйгалхочун даржехь вара 1990-чу шеран Охан-баттахь дуьйна. Цу хенахь и пачхьалкх Советан Союзан республика яра. 2015-чу шарахь хенал хьалха хиллачу харжамашкахь иза пхоьалгIа а хаьржира президент. Цунна шайн кхаьжнаш дIаделира 98% бахархоша.

2018-чу шарахь Назарбаевна бакъо елира валлалц Казахстанан Кхерамазаллин Кхеташонна куьйгалла дан. Билгалдоккхуш дара, цу кепара президентан дарж дитинчул тIаьхьа иза Iедал шен карахь дита дагахь хилар. Назарбаевна цIе тиллинера "Елбасы" – къоман хьалханча.

Назарбаев бехке веш вара харцонаш лелош Iедалх пайда эцарна а, демократица йогIуш йоцучу кепаш лелош Iедал шен карахь латторна а. Freedom House вовшахтохаралло 197 пачхьалкхана юкъахь 157-чу метте хIоттийнера Казахстан махкахь дешан маьршо хиларца. "Доза доцу репортераш" дуьненаюкъарчу вовшахтохаралло юкъатоьхнера Назарбаев хаамаш баржо йолу маршо охьатаIийначу нахана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG