ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ахча чохь банкомат яьхьна Нохчийчохь


Нохчийчуьрчу Хьалха-Мартанан кIоштарчу дарбан цIийнера банкомат лачкъийна яьхьна вевзаш воцчу шина стага. Видеокамеро дIаязйинчу ролик тIехь гуш ду, жоммагIаца серий а хедийна, гIудалкх тIе а йиллина, арайоккху банкомат. Минот сов хан йойу цу шиммо и операци дIахьош.

Дийцарехь, 6 миллион сов сом ахча даьхьна цу чуьра шина зуламхочо. Ширачу "Волга" машен тIехь гIалел ара а бевлла, банкомат чуьра ахча схьа а даьккхина, лараш яйархьама машенах цIе тесна цу шиммо. Полисхоша лоьхуш бу талорхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG