ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан 800 вахархочунна а, 300 хьукматна а дуьхьал санкцеш яьхна Украинас


Оьрсийчоьнан 800 вахархочунна а, 300 хьукматна а дуьхьал санкцеш яьхна Украинас. ДогIучу омрана куьйгъяздина Украинан президенто Порошенко Петра, хаамбина пачхьалкхан къоман кхерамзаллан Кхеташоно шен сайтехь. Шайн сацамехь цара билгалдаьккхина, санкцеш Пачхьалкхан думан а, парламентан шина а палатийн спикерех а хьакхалург хилар.

Цул совнах, дозанаш тоьхна 4 банкна, Евроберто а, Iамерко а, Канадас а санкцеш тоьхначу кеп-кепарчу хьукматашна а. ГIирман тIай дарна а, Керчан гечонехь стохка гурахь украинхойн хIордхошна тIелатарна а дуьхьалъяьхна санцкеш.

Ишта санкцийн тептаре баьхна аннекси йинчу ГIирмехь а, "ДНР", "ЛНР" олучу республикашкахь харжамаш дIахьош жоьпалле хиллачарна а. Украинан Iедалхошкара бакъо йоцуш, шайн "реза цахилар" а гойтуш, ГIирме оьхучу нахана а деттар ду Украинас дозанаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG