Кхааридийнахь президентан дарж охьадиллинчу Казахстанан урхалхочун Назарбаев Нурсултанан цIарах масех гIаланашкарчу урамашна цуьнан цIераш тохкур ю аьлла, хаамбина шахьарийн Iедалхоша. Усть-Каменогорскерчу а, Павлодарерчу а, Уральскерчу а, Шымкентерчу а, Петропавловскерчу а урамийн цIераш хийца сацамбина хIинцале а.
Ханна президентан декхарш кхочушдан къобалвинчу Токаев Касым-Жомартан инициативаца, Казахстанан парламент реза хилла пачхьалкхан шахьаран Астана цIе Нурсултан аьлла, хийца.
30 шарахь гергга президентан даржехь лаьттира Назарбаев Нурсултан.