ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пенсхой "малончаш" а, "къаьркъанчаш" а бу аьлла депутат вохийна


Къоьллехь бохку пенсхой "малончаш" а, "къаьркъанчаш" а бу аьлла "Единая Россия" партин цIарах Волгоградан кIоштан депутат волу Набиев Гасан мандатах ваьккхина. Кху беттан 14-чохь шен бакъонаш охьайохкуш цо чуделла кехат къобалдина регионерчу парламенто. Цул а ши де хьалха "Единая Россия" партин этикехула йолчу комиссино Набиев партин могIаршкара дIаваккхар хьийхира, цо адам сийсаздеш къамел дарна.

КIоштарчу думехь депутата дина къамел карарчу беттан юьххьехь зорбане даккхарх ду дуьйцург. Регионерчу дахаран минимумах дуьйцучу заманчохь, депутато дIахьединера, "белхан мало ечара" а, "къаьркъанчаша" а 8 эзар сом пенси оьцу, уьш къен хилар церан шайн бехкенна ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG