ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Архангельскерчу ФСБ-хь дина эккхийтар бакъ дина цо аьлла, меттигера йоI бехкейо


Карелерчу Медвежьегорск гIалара 27 шо долу меттигера яхархо бехкейина, стохка гурахь Архангельскерчу ФСБ-н гIишло чохь дина теракт бакъдарна. ЙоьIан цIе а хьулъеш, хаамбина цунах лаьцна "Республика" хьостано. Зорбанашкахь яздарца, еарин Iуьйранна бехкеечун хIусамах хьоьвисна Карелин ФСБ а, экстремизмна дуьхьало латточу Центран белхахой а.

Бахьана хIоьттина хилла, "ВКонтактерчу" социалан машанехь оцу йоIа, Архангельскехь эккхийтар дина Жлобицкий Михаил бакъвеш язйина публикаци гучуяьлча. "Шен дахар а ца кхоош, харцонца къийсам латтийна турпалхо ву иза" аьлла, яздинера цу йоIа. Терроризм бакъ ларар хааделлера цуьнан текстехь экспертиза йича.

Архангельскерчу къайлахчу сервисийн хIусам чохь эккхийтар дарх социалан машанашкахь шена хетарг мел аьллачунна дуьхьал дохуш ду бехктакхаман гIуллакхаш.

Жлобицкий Михаиалан тIаьххьарчу постан репост йина аьлла, бехкейира стохка Лахьан-баттахь Вологодскан кIоштара Ромасенко Надежда.

Оццу баттахь Калининградехь лецира меттигера анархистийн агIонча Лукичев Вячеслав. Жлобицкийс тIаьххьара дитинчу кехатан копи шен аккаунте хIоттийна, иза "турпалхо ву" аларна бехк кховдинера цуьнга. КIира хьалха 300 эзар сом гIуда хьарчийна Лукичевх. Бехк тIе ца буьту цо, гергарчу заманчохь кхеле латкъамбан Iалашо а ю цуьнан.

Архангельскехь динчу терактах лаьцна "Эхо Москвы в Пскове" радиостанцин эфирехь меттигерчу журналисто Прокопьева Светланас дечу къамелехь терроризм бакъеш билгалонаш хааеллера талламчашна.

Дахначу шеран ГIадужу-беттан 31-чохь Iуьйранна эккхийтар дира Архангельскерчу ФСБ-н гIишло чохь. Талламчийн версица, меттигерчу политехникан колледжехь доьшуш волчу Жлобицкий Михаила куьйга йина бомба эккхийтинера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG