Мордоверчу ИК-5 олучу набахтехь латточу Нохчийчуьрчу тутмакхаша протест еш, шайн гешна чевнаш йина. Цхьахволчу чохь хан токхучу кIентан вашас "Кавказ.Реалии" портале дийцина, шен вашас цхьана бетта чохь шозза гай датIийнера шен аьлла. Цо бахарехь, цкъа - набахтин хадархоша кхерамаш тийсича, шолгIа - колонин белхахоша шена йиттича а дина хиллера цо и.
Геш ятIийначу иттанах, шайлахь Нохчийчуьра бахархой а болуш, хааме даьккхинарг бакъхилар чIагIдо республикерчу бакъонашларъярхочо Саратова Хедас а. Ткъа Мордоверчу таIзарш кхочушдаран урхаллехь (ФСИН) 8 стага чевнаш ярх дIахьедина.
"Кху беттан 5-чохь ШИЗО-хь а, колонехь а латточу бархI стага шайна чевнаш йинера, набахтен белхахошна протест кхайкхош. Шайн хеннахь лоьраш тIа а балийна, дарба лелийна царна", - аьлла, дийцина "Кавказ.Реалиига" ФСИН-ан векало.