ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гериев Жалавдина гIуда тоьхна


Гериев Жалавди
Гериев Жалавди

Наркотикаш лелийна аьлла бехкевина, Чернокозоверчу набахтехь хан токухш волу "Кавказский узел" агенталлан корреспондент Гериев Жалавди гIуда тухучу изолятор чу кхоьсина 14 денна а, буьйсанна а. "Кавказ.Реалии" портале церан колонерчу хьостано хаамбарца, бахьана ду - талламаш бечу хенахь иза камера чуьра ара цавалар.

"Могуш воцуш вара иза, цундела гIора ца хиллера цуьнан гIатта. Цунах бахьана а хIоттийна, гIуда тоьхна цунна", - аьлла, дийцина набахтерчу хьостано.

Масийттазза нисделла Гериев ШИЗО чу воллар. Цундела тоьхначу хенал а хьалха иза аравоккхуш бина сацам а юхабаьккхира тIаьхьо.

Бакъонашларъяран "Мемориал" центро Гериев политикан тутмакх хилар тIечIагIдира, ткъа Iедал цунна тIаьхьадалар политикан бух тIехь лерира.

Гериевна гIуда тохарх шена хууш дац элира "Кавказ.Реалиига" журналистан адвокато Мусаев Iалавдис.

"Соьга цунах информаци кхачьна яц. Цхьа бутт хан яра цуьнан аравала йисинарг. Стигалкъекъа-беттан хьалхарчу дийнахь чекхйолу цуьнан хан", - аьлла Мусаевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG