ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Настоящее время" телеканалан репортер дIалаьцна Астанахь


Казахстанан коьртачу шахьарахь Астанахь дIалаьцна итт стаг, шайлахь "Настоящее время" телеканалан репортер Глушкова Светлана а йолуш. Цхьана зудчо арз динера цунна аьлла, кхетийна полисхоша Глушкова дIалацарх.

"Со лаьцна ю. Суна адвокат оьшу. Сарыаркинан кIоштан декъехь ю со", - аьлла, яздан кхиина иза редакцин чатехь.

Де хьалха Астанан администрацин гIишлона хьалха 20 стаг вовшахкхетера, шахьаран цIе Нурсултан аьлла, хийцарна шаьш дуьхьал хилар дIакхайкхо. Кхи а масех стаг лецира Алма-Атахь Наурыз даздечу юкъанна.

Казахийн Маршо Радио сервисо хаамбира, Казахстанан керлачу президентан Астанан цIе хийца кховдийначу инициативана шаьш реза дацарх дуьйцура дIалецначара аьлла. Масех стаг лаьцна, "Настоящее время" телеканалан информацица Шымкентехь а.

Кхааридийнахь Казахстанан парламенто тIечIагIбира хиллачу президентан Назарбаевн цIарах гIалин цIе хийцархьама пачхьалкхан Конституцехь бина хийцамаш. Министрийн кабинето хаттар референдуме даккха деза аьллера, амма керлачу президенто Токаев Касым-Жомарта хьашт дац аьллера.

Iедалан сацам емалбира дуккхаъчу бахархоша. Интернетехь петицина куьйгаш яздина шахьаран цIе хийца дуьхьал болчу масех иттанашкахь эзарнаша наха.

Дахначу шинаридийнахь президентан декхарш охьадехкира 30 шарахь куьйгаллехь лаьттинчу Назарбаев Нурсултана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG