ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Афинерчу оьрсийн векалтан кертахь эккхийтар дина


Афинерчу оьрсийн векалтан гIишлонна тIе оьккхуьйтург ластийна пIераскан сатосучу хенахь муьлш бу ца хуучу наха. Бомба иккхина, амма лазийна стаг вац. Желтойн полицин антитерроран декъо талла долийна гIуллакх аьлла бу "Нафтемпорики" газетан хаам.

Хьостано дийцарехь, меттигерчу хенаца Iуьйранна 4 сахьт долучу хенахь мотоцикл тIехь герга веанчу шиммо векалтан хадархойн буткина тIекхоьсина хилла граната. Цул тIаьхьа къайлавала аьтто хилла цу шиннан. Цхьан хан яьллачу заманчохь полицина карийна цIе тесна ягийна мотоцикл Афинехь. Талламчаш тешна бу, зуламхой тIехь хилла мотоцикл иза хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG