ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керлачу Зеландин бахархоша хьиджабаш техкина бусулбачийн дог оьцуш


Крайстчерчан маьждигашкахь теракташ хиллачул тIаьхьа Керлачу Зеландин бахархоша дIахьош акци ю, шаьш бусулбачех дог лозуш дуй дIахаийтархьама. Пачхьалкхерчу бахархошна тIедиллина коьрта йовлах, йа хьиджаб тилла, яздо пIераскандийнахь Kurier газетано.

(#headscarfforharmony) аьлла, хештег а хIоттош, йолийначу инициативан цIе ю "Платок ради гармонии". "Йоллу Керла Зеланди кхойкху оха кху акцехь дакъалаца, хIара тезет юкъара дуй дIахаийта", - аьлла акцин организаторо Ашман Тайяс.

Хиллачу терактехь белларш дIабухкучу дийнахь полисхой а, орцанхой а бара коьрта йовлакхаш техкина. Бусулбанашна тIехIотта еанера коьртахь йовлакх а долуш, пачхьалкхан премьер-министр Ардерн Джасинда а.

Ишта пIераскандийнахь Керлачу Зеландехь молла кхойкхучу заманчохь тийналлин минот лаьттира. Меттигерчу телевизионехь гайтира ламаздар а, бахархойн шина минотехь ойланашкахь латтар а. Дийцарехь, 20 000 эзар стаг, шайлахь премьер-министр Ардерн Джасинда а йолуш, гулбеллера тахана Крайстчерч гIаларчу Аль-Нур маьждигна хьалха.

ТIедогIучу шоьтадийнахь юха а дIаелла дагахь бу Керлачу Зеландера бусулбанаш Линвудан а, Аль-Нуран а неIарш.

Крайстчерч гIаларчу шина маьждигна тIелатар дира кху беттан 15-чохь. Велира цу дийнахь 3 шарера 77 шаре кхаччалц волу 50 стаг. Зуламна коьрта бехкениг лерина Австралера орамаш долу жимстаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG