Шеман президентан Асад Башаран позицешна тIе бомбанаш тоьхна оьрсийн авиацино. ПIераскан суьйранна хаамбина цунах лаьцна Шеман оппозицерчу хьосташа.
ИБАА а, Step-news а агенталлаша бахарехь, "ларамза" йиттина бомбанаш Масасын олучу Хама провинцин къилбехьа.
Хамерчу журналисто аль-Хамави Васиман информацица, Оьрсийчоьнан кеманаша тоьхна бомбанаш бахьана долуш масех Шеман тIемало вийна, йа лазийна.