ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Митингехь дакъалацарна балхара дIаяьккхинчу жигархочо толам баьккхина кхелехь


2018-гIа шеран гурахь балхара дIаяьккхина хилла Саутиева Зарифа Магасан кхело юхаметтахIоттош сацам тIеэцна. ХIетахь ГIалгIайчохь цхьа могIа жигархой дIабехира балхара. ГIадужу-баттахь республикехь лаьттинчу митингашкахь дакъалацарца доьзна ду аьллера цара шаьш дIадахар. ГIалгIайчоьнан културан министраллана чуйогIучу, политикан репрессеш лайначу нахана лерина хIоттийначу музей-мемориалан директоран гIовс яра Саутиева. Ша балхара дIа ма яьккхи, жигархо кхеле яьллера. Кхаа кхеташонехь къастийра цуьнан гIуллакх. ПIераскандийнахь кхело сацам бовзийтира шен: Саутиева балхахь юхаметтаметтахIоттор а, цуьнан балхара дIаяьккхинчу дийнара схьа алапа дIадалар а тIе а дожош.

Хьалхо кхи жигархо Матиева Анжела а гIоьртира кхелехула балха юхаяха, амма цуьнан аьтто ца хилира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG