ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керлачу Зеландехь теракт дина маьждигаш схьадиллина


15-чохь тIелатар динчу Керлачу Зеландин Крайстчерчерчу маьждигийн неIарш схьайиллина шоьтадийнахь. Кхи дIа йолчу заманчохь шина а гIишлонна, йоллу пачхьалкхерчу маьждигашна а санна, ха латтор ду аьлла бу пачхьалкхан полицин сайт тIехь бина хаам.

Крайстчерч гIаларчу Линвудан а, Аль-Нуран а маьждигашна тIелатар дира кху беттан 15-чохь. Оцу терактехь вийра 3 шарера 77 шаре кхаччалц волу 50 стаг. Кеп-кепарчу чевнашца дарбан хIусамашка кхачийра 48 стаг. Зуламна коьрта бехкениг лерина Австралера орамаш долу жимстаг. Социалан машанашкарчу шен аккаунтехь националистийн ксенофобин манифест йитина хиллера цо.

Террорхо велла дIаваллац ша цхьаъ латточу камера чохь вуьтур ву шаьш аьлла, дIахьедина Керлачу Зеландин Iедалхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG