ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

23 шо хан кхайкхийна Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело Махашев Тимурна


Нохчийчоьнан вахархочунна Махашев Тимурна дуьхьал даьккхинчу бехкзуламан гIуллакхан хьокъехь талламаш бирзи, Лакхарчу кхелана тIетайна республикера прокуратура а. 25 шо долу Махашев кхеле хIоттийнера, стохка бIаьста "Лада Калина" машенан долахочунна тIелатар дарна, цуьнгара автомобил схьа а йоккхуш. Соьлжа-ГIаларчу Ашхабадан урамехь машенан долахочунна-зудчунна 19 урс диттина хилла цо, талламчийн версица. Цул тIаьхьа цуьнан дакъа Сунжи чу кхоьсинера.

Йийначуьнгара схьаяьккхинчу машенан а, телефонан а мах бу 133 эзар сом. Динчу зуламна Махашев Тимур бехкехилар тIе а чIагIдина, набахтехь даккха 23 шой, ах шой хан кхайкхийна цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG