ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн паспорт дехна Путине Орейро Натальяс


Актриса, йишлакхархо Орейро Наталья
Актриса, йишлакхархо Орейро Наталья

Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире оьрсийн паспорт дехна Уругвайн актрисас, йишлакхархочо Орейро Натальяс. "Говорит Москва" радиостанцино хаамбарца, "Вечерний Ургант" телешоун йоьдучу эфирехь бина Орейрос президенте кхайкхам.

Ша 15-зза хилла Оьрсийчохь, цундела кху пачхьалкхан яхархо хила хьакъ хета шена ша аьлла актрисас.

Ишта цо чIагIо йина, 2013-чу шарахь Оьрсийчоьнан вахархочун паспорт эцначу францхойн актер волчу Депардье Жерарар а "тIехсов оьрси" хир ю ша аьлла.

Францера актерана Депардье Жерарна оьрсийн паспорт дала бакъо луш, омрана куьгъяздинера Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира.

Ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана 5 чоь йолу петар елира францхойн актерна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG