Керстан дино вуно лоруш йолчу Истанбулерчу Сий долчу Сафиян килсах кестта маьждиг хила мегаш ду, хаам бо "Ведомости" газето.
Карарчу хенахь и килс музей ю. И бахьана долуш цу чувоьдург мах боккху. И статус хийцаро аьтто бийр бу нехан цу чу мехаза баха, аьлла хета Туркойчоьнан президентана ЭрдохIан Реджепана.
6-чу бIешарахь йина Софиян килс Византин културан мемориал ю. 14-чу бIешарахь Османийн империно Константинополь дIалаьцначул тIаьхьа цу килсах динера маьждиг.
Цунах музей хилира 1935-чу шарахь, кухзаманахьлера туркойн пачхьалкх кхоьллинчу Атататюрк Кемалан омрица.
Сафиян килс ю ЮНЕСКО-н (Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн дешарехула а, Iилманехула а, културехула а вовшахтохаралла) дерригдуьненан тIаьхьалонан дакъа.