ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу 92% доьзалийн таро яц ипотека эца


Гуьмсе. Гайтаман сурт.
Гуьмсе. Гайтаман сурт.

92 процент гергга Нохчийчуьрчу бахархойн аьтто бац ипотека эца, лаам хилча а. Цу кеппара хьал ду луларчу ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а. Цунах лаьцна хаам бо РИА Новости агенталло.

Иштта Нохчийчохь ипотекаца петар эца аьтто болуш бац 7,8 процент доьзалш а бен. ГIалгIайчохь и терахь ду 8 процент, ткъа Дагестанехь – 10,3.

Иштта хьал нисдалар доьзна ду цу республикашкахь баккхийн доьзалш а, лахара алапаш а хиларца, дуьйцу говзанчаша.

Ипатекаца доьзна хьал уггар гIоле ду Оьрсийчуьрчу регионашна юкъахь Ямало-Ненцойн автономан гонехь. Цигахь 68,2% доьзалш бу ипотека эца аьтто болуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG