ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Колонехь кхелхинчу Кадыровн хиллачу гIаролхочун дегIана тIехь карийна йиттина лараш


Тунтуев Аюб.
Тунтуев Аюб.

Владимиран кIоштарчу колонехь кхелхинчу Нохчийчоьнан куьйгалхо хиллачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин гIаролхочуьнан Тунтуев Аюбан дегIана тIехь карийна йиттина лараш. Цунах лаьцна "Кавказский узеле" дийцина Тунтуевн гергарчара.

Цара бинчу хаамца, бозуш боцучу лоьраша йинчу экспертизо гайтина тутмакх кхелхинчул тIаьхьа цуьнан пехаш а, жаннаш а схьадаьхна хилар. И хаам бакъбина Нохчийчуьрчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан цхьана декъашхочо а.

Тунтуев колонехь кхалхарх лаьцна хаам гучубелира кху беттан 12-чу дийнахь. Адвокато дийцарехь, цуьнга, ФСИН-ера телефон а тоьхна, хаам бинера, Тунтуевс ша шена тIе куьг даьхьна аьлла.

Тунтуев хан токхуш вара 2000-чу шарахь Псковерчу десантникашна тIелатар деш дакъалацарна а, Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахой байарна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG