Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Чавушоглу Мевлюта шаьш кийча хиларх лаьцна дIахьедар дина, Оьрсийчуьрчу бахархошна чоьхьарчу паспортца шайн махка бахка бакъо яларх лаьцна хаттар дийцаре дан. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло.
Туркойн дипломатин куьйгалхочо иштта хаам бина, шайн пачхьалкхан делегаци, хьалхаваьлла президент ЭрдохIан Реджеп а волуш, Оьрсийчу яха дагахь хиларх лаьцна Оханан-беттан 8-чу дийнахь.
1990 – 2000 шерашкахь Туркойчу боьлхуш Оьрсийчоьнан бахархоша виза эцара дозанехь. 2000-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь шина пачхьалкхан барт хилира Оьрсийчуьрчу бахархошна 30 дийнахь, виза а йоцуш, Туркойчохь баха бакъо луш. 2013-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь и хан яхйира 60 дийне кхаччалц.
Ткъа 2017-чу шарахь Оханан-баттахь бинчу сацамца, виза а йоцуш, Туркойчохь 90 де даккха бакъо ю Оьрсийчоьнан паспорташ долчу нехан.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?