ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Facebook а, YouTube а кхеле елла Францерчу бусалбанийн кхеташоно


Крайстчерчера маьждиг, Керла Зеланди.

Францерчу бусалбанийн кхеташоно Facebook а, YouTube а кхеле елла, Крайстчерчехь маьждигашна тIелатар динчу стага йоккхучу видеона трансляци ярна. Кхеташонна хетарехь, цу кепара цу шина компанино дакъалаьцна терроризман гIортор еш йолу а, адамийн сий дойуш а йолу а материалаш яржош.

Цул сов, Францин бусалба юкъараллан векалша чIагIдо, Facebook-на а, YouTube-на а тIех дукха хан эшна трансляци юкъахъяккха а, иза яржор сацо а.

Францерчу низамашца а догIуш, 75 эзар евро барамехь гIуда тохар догIу цу тайпа гIалат далийтарна.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG