ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедалшна дуьхьал юха а митинге арабевлла гIалгIай


ГIалгIайчоь -- Магасера митинг, Заза.26, 2019
ГIалгIайчоь -- Магасера митинг, Заза.26, 2019

Митинг ю ГIалгIайчоьнан коьртачу гIалахь Магасехь. Цу акцехь дакъалоцуш ву 10 эзар гергга стаг, яздо "Дождь" телеканало, "Машр" тобанан куьйгалхочунна Муцольгов Мохьмадана тIе а тевжаш. И нах реза бац республикерчу референдумах лаьцначу низаман тIехь хийцамаш барна.

И цу хийцамийн проект ГIалгIайчоьнан парламенте кховдийнера Iедалша, Муцольгов а, цунна тIаьхьахIиттина нах а Нохчийчоьнца доза хьокъехь барт барна дуьхьал референдум ян гIоьртинчул тIаьхьа.

Проект тIеэца езаш бара депутаташ кху беттан 28-чохь. Амма дукха хан йоццуш ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека юхаяьккхира иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG