ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнца йоьзна 1900 агIо дIаяьккхина Facebook-о


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Facebook-н белхахоша 1907 агIо дIакъевлина Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш йолу. Юьйцург ю 86 агIо а, 64 аккаунт а, 1757 тоба а.

Цу компанино динчу дIахьедарца, уьш ерш юкъаозийна хилла "цхьаммо, барт а беш, бакъ доцург дийцарна а, спам дIасаэхийтарна". Дукхахайолчу агIонашна тIехь арайовлуш хилла Украинерчу политикана хьажийна пматериалаш. Д!аяьхначу агIонийн администраторша лелош хилла уьш, харц аккаунташкахула

ДIаяьхна агIонаш кхоьллинчу нахах лаьцна хаамаш низамаш лардечу органашка дIабелла, хаам бо Facebook-о.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG