ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремлна халахетта Трампа Голанаш хьокъехь бина сацам бахьана долуш


Вашингтон -- Шен указ гойтуш ву Трамп Доналд. Заз. 25.2019
Вашингтон -- Шен указ гойтуш ву Трамп Доналд. Заз. 25.2019

Голанан лакхенаш Израилан территори ларар хьокъехь Iамеркан президенто Трамп Доналда бинчу сацаман вон тIаьхье хир ю, дIахьедина Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс, хаам бо РИА Новости агенталло.

Цо билгалдаккхарехь, цу гIулчо кхин а чолхечу доккхур ду Гергарчу Малхбалера политикан хьал. Шаьш халахеташ ду цу хьокъехь, аьлла Песковс.

Оршотан дийнахь (Зазадоккху-беттан 25-гIа) Израилан премьер-министрца хиллачу цхьаьнакхетарехь, Трампа указан тIе куьг таIийра официалан кепара Голанаш Израилан лоруш.

Iамеркан сацам къобул ца бина Британино а, Евробарто а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло а, иза дуьненаюкъарчу кепашца богIуш бац аьлла. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан официалан векло Захарова Марияс аьлла Трампа лелориг "инзаре агресси" ю аьлла.

Голанан лакхенаш (1800 еакIо метр) 1967 шарахь Израилца тIом эккхалц Шеман территори хилла ю. ТIом боьдуш уьш дIалецира жуьгташа. ТIаьхьо Израило низам тIеийцира Голанаш жуьгтийн пачхьалкхана юкъатухуш. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташоно бакъонца ца лерира иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG