2021-чу шарахь дуьйна хан хийцарх лаьцна сацам шен лаамехь бийр бу Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхаша. Цу хьокъехь сацам бина шинарин дийнахь Европан парламенто.
Карарчу хенахь лелачу кепаца, Европан Бертана юкъахь йолчу хIора пачхьалкхо Зазадоккху-беттан тIаьххьарчу кIиранан дийнахь сахьташ аьхкенан хена тIе доху, ткъа ГIадужу-беттан тIаьххьарчу кIиранан дийнахь юхадоху Iаьнан хене.
Европехь цу хьокъехь леррина таллам бича гучудаьлларг ду 84% респонденташ цамзанаш дехьа-сехьа хьийзорна дуьхьал хилар.